Поздравляем всех с Днем чеченского языка!

2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Федерацин Турпалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра оханан беттан 25-гIа де вайн махкахь Нохчийн меттан де санна билгалдоккхург хилар. Иза доьзна дара 1923-чу шеран оханан беттан 25-чу дийнахь нохчийн маттахь долчу «Серло» газетан дуьххьарлера номер арайаьлла хиларна. Цул тIаьхьа, хIора шарахь билгалдоккхуш а, дезде санна дIахьош а ду Нохчийн меттан де!

Лараме Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Хьомсара нохчийн къам! Советийн Союзан Турплахочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан драматически театро даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Мотт – иза къамел даран гIирс хилла Iаш бац, иза – къоман са, бахам, хазна йу. Шен маттаца бен кхуьийла дац халкъан кхетам, маттаца бен кхочийла дац кхиамийн лакхенашка. Дуьненахь уггаре а хазачу меттанех цхьаъ бу аьлла, къастийначу нохчийн меттан таронаш доза доцуш йу. МаслаIатан мотт бу вайн мотт, эхь-бехкан мотт бу… Дукха бу вайн маттахь бен шен маьIна дасталур а доцу вайн гIиллакх-оьздангаллех лаьцна болу кхетамаш, хьехамаш, дийцарш, аларш. Дуккха а дийцина нохчийн маттах, дуккха а хестийна и, дуккха а иллеш а даьхна. Нохчийн сийлахьчу поэта Сулейманов Ахьмада аьлла: «Кхо хIума ду кху дуьнен чохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшех даьккхича, кхоэ а леш – Даймохккий, ненан моттий, халккъий». Вайн маьршачу Даймахкахь вайн машаре мотт а буьйцуш, дуьне мел лаьтта дехийла нохчийн къам!

Нохчийн меттан денца!

 

 

 

 

 

 

 

 

 

© Пресс-служба ЧГДТ им. Х.Нурадилова
При перепечатке материалов, ссылка на сайт театра обязательна

Купить билет

по Пушкинской карте

Приобрести билеты Вы можете онлайн с помощью нашего удобного и легкого сервиса! Кликните по кнопке «Купить билет», выберите спектакль, места в зале и оплатите не выходя из дома любым удобным вам способом! Ждем вас в театре!
  • 0
  • 1 290
  • 5 971
  • 20 542
  • 358 587
Адрес
364031, Чеченская Республика,
г. Грозный, ул. Г.Угрюмова 73
Время работы

Пн-Пт 9:00-18:00

Кассы театра

8 (8712) 22-28-09

Copyright © 2021-2024. Чеченский государственный драматический театр им. Х.Нурадилова. Все права защищены.