С Днем чеченского языка!
Лараме мехкан куьйгалхо Рамзан Ахматович! Хьомсара нохчийн къам! Советски Союзан Турплахочун Нурадилов Ханпашин ц1арах йолу Нохчийн пачхьалкхан драматически театро даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Мотт - иза къамел даран г1ирс хилла ца 1аш, къоман са ду, бахам бу, хазна ю. Шен маттаца бен кхуьийла дац халкъан кхетам, маттаца бен кхочийла дац кхиамийн лакхене. Дуьненахь уггаре а хазачу меттанех бу аьлла, къастийнчу нохчийн меттан таронаш доза доцуш ю. Масла1атан мотт бу вайн мотт, эхь-бехкан мотт бу... Вайн маттахь бехк баьккхича, хастийча, йохье кхайкхича, дог ша-тайпа айло, ша-тайпа т1ома а долу. Дуккха а дийцина нохчийн маттах, дуккха а хестийна и, дуккха а иллеш а даьхна. Нохчийн сийлахьчу поэто Сулейманов Ахьмада аьлла: «Кхо х1ума ду кху дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшех даьккхича, кхуьй а леш – Даймохккий, ненан моттий, халккъий». Вайн маьршачу Даймахкахь вайн машаре мотт а буьйцуш, дуьне мел лаьтта дехийла нохчийн къам!