С Днем чеченского языка!
С Днем чеченского языка!
- 25.04.2024
Лараме мехкан куьйгалхо Рамзан Ахматович! Хьомсара нохчийн къам! Советски Союзан Турплахочун Нурадилов Ханпашин ц1арах йолу Нохчийн пачхьалкхан драматически театро даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Мотт — иза къамел даран г1ирс хилла ца 1аш, къоман са ду, бахам бу, хазна ю. Шен маттаца бен кхуьийла дац халкъан кхетам, маттаца бен кхочийла дац кхиамийн лакхене. Дуьненахь уггаре а хазачу меттанех бу аьлла, къастийнчу нохчийн меттан таронаш доза доцуш ю. Масла1атан мотт бу вайн мотт, эхь-бехкан мотт бу… Вайн маттахь бехк баьккхича, хастийча, йохье кхайкхича, дог ша-тайпа айло, ша-тайпа т1ома а долу. Дуккха а дийцина нохчийн маттах, дуккха а хестийна и, дуккха а иллеш а даьхна. Нохчийн сийлахьчу поэто Сулейманов Ахьмада аьлла: «Кхо х1ума ду кху дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшех даьккхича, кхуьй а леш – Даймохккий, ненан моттий, халккъий». Вайн маьршачу Даймахкахь вайн машаре мотт а буьйцуш, дуьне мел лаьтта дехийла нохчийн къам!
© Пресс-служба ЧГДТ им. Х.Нурадилова
При перепечатке материалов, ссылка на сайт театра обязательна
More than 2 results are available in the PRO version (This notice is only visible to admin users)
НОВОСТИ
-
Репетиции спектакля “Кровавая свадьба” продолжаются
17.05.2024
-
В Грозном состоялось открытие ТЮЗа!
15.05.2024
-
Элину Муртазову назначили директором Чеченской государственной филармонии!
14.05.2024
-
Министром культуры ЧР назначена Марет Байсарова!
13.05.2024
-
Прошел показ спектакля “Женитьба Бальзаминова”
13.05.2024